Golos Ichkerii

Шен къома 1адат лар цадар, лайн амал ю

 

 

Кху тIаьхьарчу хенахь, нохчаша юкъадаьккхина керла васт ду, шен дас-нанас вина воцчу стагах «ваша» алар. Цхьана хенахь, муьлха а воккхачу стагах олура «ваша»,  стех - «йиша», и ханна йоккха йелахь «баба» олура.

Цо гойтура, жимачуьнан ша-тайпа болу лерам. Жималло, воккхаллин до пусар. Иза, наггахь бен хуьлуш а дацара.

Тахана юкъадаьккхина гIазакхех а, неграх а, папуасах а «ваша» алар. Иза, Iаламата доккха ант (г1алат) ду. Цхьана нанас, йа цхьана дена бина боцурш хила йиш йац вежарий, йижарий. Вайн грамматикехь а къастийна ду «нана» бохучух дашах «ненан ваша», «ненан йиша», «ненан да», «ненан нана», «ненан шича» ишта кхи д1а а.

Изза масала ду, деца доьзнарг а – «доьзалан да», «ден да», «ден нана», «ден йиша», «ден ваша» иштта цу могIара кхин масалш а.

Нохчаша цкъаа олуш ца хилла, шен дех, ненах даьлла доцчу синна, «сан ваша», «сан йиша».

Дика шича хилча, ваша санна дика шича ву олуш хилла, ваша олуш ца хилла.

Ваша бохург докха а деза х1ума ду.

Ткъа х1инца кхечу къомах велахь а олу ваша, керста стагах а олу, дорогой мой брат олу керста стагах, мел йокха лицемери (юьхьдегалла) ю иза.

Шена цкъа а ганза волу стагах а олу са ваша.

Оцу нахехь нохчалла ца хилар ду аьлла хета суна иза.

Доттаг1чух доттаг1а ала деза, накъостех са накъост ву ала деза, ваша ала ца деза царех.

Доттаг1 а веза лерина ву нохчийн, «дика доттаг1 вешал а тоьлу» олуш ду нохчийн кица, иза эхье дац ше доттаг1чух доттаг1 алар, мелхо а нийса ду х1умана ше ц1е йакхар.

Хаам АЛЛАХ1АНА дика хаа!

Сан тахана виъ ваша ву, кхин виъ ваша, жима а волуш кхелхина (велла). Аса, царех бен ца олу «сан ваша», кхечарех аьлла дац аса, йа ала а лура дацара соьга хийрачу стагах сан ваша. И алалуш со велахь, со юьхьдегале (лицемер) стаг ца хуьлу?

Ваша бохург, иза хьан цIий ду, хийра стаг хуьлийла дац хьан ваша

 

Ибба Шапи Шейхи   

Июль 2020

Copyright © Информационное Агентство «Golos Ichkerii». При использовании материалов ссылка обязательна.

Top Desktop version