Golos Ichkerii

НОХЧИЙН РЕСПУБЛИКАН ИЧКЕРИН ПРЕЗИДЕНТ ХАРЖА ХЬАЛХАТЕТТИНЧУ КАНДИДАТЕРА ЯНДАРБИЕВ ЗЕЛИМХЕРА «ДАЙМОХК» ГАЗЕТАН КОЬРТАРЧУ РЕДАКТОРАН ЗАМЕСТИТЕЛА С. ДАДАЕВС ЭЦНА ИНТЕРВЬЮ


 

 

Д.С. - Зелимха, Хьуна хьайначул хьо дика вевзаш стаг а хир вац, айхьа хьуо вовзийтахьа харжамхошна.

 

Я.З. - Айса-сайх лаьцна дийций?.. Суо вовзийтий?.. Сайх лаьцна хӀун дуьйцур ду ас?.. Вевзаш вац со?..

 

Д.С. - Хьайн биографи йовзийтахьа.

 

Я.З. - Иза йолуш ю-кх... кхаьргахь (шен пресс-секретаре Ю. Яралиевга хьожу).

 

Иэа иштта ю: Яндарбин Ӏабдул-Муслиман кӀант Зелимха вина 1952-чу шеран 12-чу сентябрехь, Малхбален-Казахстанан областан Усть-Каменогорски кӀоштарчу Выдриха юьртахь. 1958-чу шарахь церан доьзал Даймахка - НГӀАССР-н Грозненски кӀоштарчу Йоккхачу-АтагӀа цӀабирзира. 1969-чу шарахь оццу юьртара №1 йолу юккъера школа чекхъяьккхира Зелимхас. Оццу шарахь балха хӀоьттира «Чечингсельстрой» трестан СМУ-4. Цигахь гӀоьналлин а, тӀулгботтархочун а белхаш бира цхьана шарахь. Оццул хан дӀаелира цо Шелковски кӀоштарчу 6-чу совхозехь даьхнилелорхочун балхана а.

 

Цул тӀаьхьа, 1971-чу шарахь иза деша воьду Соьлжа-ГӀаларчу СПТУ-4. Цигахь караерзайо бурутохархочун гӀоьнчин говзалла. Делахь а, оцу говзаллица болх бан кхиале эскаре вигира. Цигара цӀа ма вирззинехь, шен говзаллица, бурутохархочун гӀоьнча волуш, 2 шарахь болх бира Соьлжа-ГӀалин УБР-хь.

Балхана юкъах ца волуш (1975 ш.) деша вахара Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетан филологически факультете. Иза 1981-чу шарахь чекх а яьккхира. 1976-1985-чу шерашкахь Нохч-ПалгӀайн книжни издательствехь корректоран, инженеран-технологан, производственни декъан хьаькаман белхаш бира.

 

Ткъа 1976-чу шеран февралехь юкъавахара ЧИГУ-хь вовшахтоьхначу къоначу литераторийн «Пхьармат» цхьаьнакхетараллина. Цуьнан поэзин секцин куьйгалхо хаьржира. Оццу шарахь республикан зорбанехь арайийла юьйлира цуьнан хьалхара стихаш.

 

1985-чу шарахь Зелимха болх бан воьду НГӀАССР-н яздархойн Союзе. Оццу шарахь иза тӀеоьцу СССР-н яздархойн Союзан декъашхошка. ХӀетале кхо гулар араяьллера цуьнан: 1977-чу шарахь тобанан гулар, 1981-чу шарахь - «ДегӀийша, адамаш, синтарш», 1983-чу шарахь - «Зодиакан хьаьркаш».

 

1986-чу шарахь республикехь арадала долало берийн «СтелаӀад» журнал. Цунна коьртехь хуьлу Зелимха. Оццу шарахь шен рогӀера гулар «ЛадугӀу йиш лакхийтийша» арахоьцу цо.

 

1987-1989-чу шерашкахь Зелимхас Москвахь литературан Лаккхарчу курсашкахь доьшу. Оццу шарахь, шеца ойла йогӀучаьрца цхьаьна цо вошахтуху «Барт - Вайнехан жамаӀат» организаци, тӀаьхьо шех Вайнехан Демократин Парти хилла йолу. И парти КПСС-на дуьхьал кхоьллина яра, цуьнана Ӏалашо яра йозуш йоцу (Нохч-ГӀалгӀайн) пачхьалкх кхоллар.

 

1990-чу шарахь ВДП-с кечйо Нохчийн Республика - Нохчийчоь кхолларан хьокъехь йолчу Деклорацин проект. Иза тӀеийцира 1990- чу шеран 25-чу ноябрехь, нохчийн халкъан Дерригкъоман хьалхарчу гуламехь. ВДП-с иштта кечйо республикан Пачхьалкхан Суверенитетан хьокъехь Деклораци а, республикан юкъаралло ондда Ӏаткъам бар бахьанехь, 1990-чу шеран 27- чу ноябрехь иза тӀе ца эцча ца елира хӀетахьлера Лакхара Совет.

 

Цул кӀеззиг хьалха Яндарбиев Зелимхас гергарло тосу инарлица Дудаев Джохарца. Дукха хан юкъа йолале, З. Яндарбиев коьртехь волуш, ВДП-н ницкъ кхочу ОКЧН-н нсполкоман заседанехь Д. Дудаев ОКЧН-н пред-седатель хӀоттавайта. Оццу юкъахь арайолу Зелимхин кхин а цхьа гулар - «Дахар бакх ду».

 

1991-чу шеран 19-чу августехь Зелимхас Джохарца цхьаьна ГКЧП-на дуьхьал халкъ гӀаттадо. Оцо тӀедалийра нохчийн халкъ дозуш цахилар 6-чу сентябрехь дӀакхайкхоре.

 

1991-чу шеран 27-декабрехь дӀабехьначу харжамашкахь З. Яндарбиев Нохчинчоьнан Парламенте депутат хоржу. Ткъа 1993-чу шеран 17-чу апрелехь Президентан Д. Дудаевн указаца иза Нохчийн Республикан Вице-Президент хӀоттаво.

 

Нохчийн-Российски тӀом дӀаболабеллачу хьалхарчу миноташкахь дуьйна Джохарна уллохь вара. Иза гӀазоте вирзинчул тӀаьхьа (Дала гӀазот кхобалдойла цуьнан). 1996-чу шеран 21-чу апрелехь, НРИ-н Конститутцица нийса догӀуш а, НРИ-н оборонан Пачхьалкхан Комитетан сацамца а Нохчийи Реслубликан - Нохчийчоьнан президент хӀутту. ХӀетахь дуьйна цо куьйгалла до Пачхьалкхан Политикана, урхалла до Нохчийн Республикана Нохчийчоьнна. Цуьнан куьйгаллица дӀадехьна Россица хилла дерриге а дийцарш.

 

Д.С. - ХӀокху муьрехь муххале а кӀезиг хӀума дац президент харжар, иза, ма-дарра аьлча, дийнна халкъо шеи дахаран некъ харжар ду, шен кхоллам цхьана стагах тешор ду. Хьох тешна, хьуо президент харжахь, халкъ а, Республика а мича дикане кхачо ойла-сатийсам бу хьан?

 

Я.З. - Сан программа, сан къилба - даима а хилла чолхаллех дуьзна дахар, вайн къоме, хӀора нохчочуьнга маршо кхачор, хӀора стаг а маьрша хилийтар. Цундела тахана, айса халкъ муьлхачу дикане кхачор ду бохучу хаттарна жол луш, нехан материальни хьашташ кхочушдарх лаьцна дийца дезар ду сан...

 

Тахана хьанала а, дог цӀена а волуш, президент хила гӀерташ ву ша бохуш волчу стага, ша хӀокху барамехь хӀара а дийр ду, оццу барамехь важа а дийр ду, бохур дац. ХӀунда аьлча, уьш билгалдахалур долуш хӀумнаш дац. Коьртаниг, президент милла хилахь а, уггаре а хьалха цо къахьега деза агӀонаш ю: вайн пачхьалкхан маршо чӀагъяр, дозуш цахилар чӀагӀдар, пачхьалкх а, къам а керлачу вонах, бохамах лардар, гонахарчу мехкашца, Россица а цхьаьна, вайна пайдехь йолу юкъаметтигаш нисъяр, чӀагъяр; вайн бохийна мохк меттахӀоттор, Россигара декхар схьадаккхар.

 

Ткъа экономически агӀор коьртаниг ду, тахана вайн пачхьалкхан болуш болчу производстеенни гӀирсех, производственни нуьцкъаллех, заводех, фабрикех, кхечарах, тахана дуьненарчу технологица мелла а йогӀуш ерш меттахӀиттор; пачхьалкхан производство чӀагӀъяр.

 

ШолгӀа. Нехан шайн долахь производство кхолларна оьшу хьелаш оцу нахана кхоллар ду оьшуш. Муьлххачунна а, ахча долчунна производство схьаелла гӀодан, и схьаеллар ма хуьллу цунна а пайдехь хилийта деза. Цхьа чарх дӀахӀоттийна, я жима цех схьайиллина гӀуллакх дича, цунах цунна пайда тӀебогӀуш хилийта. юха цунах кхечу нахана а - вайн мехкан гражданашна, кхечарна - балха баха меттиг хилла а, я кхечу агӀор, схьазца лродукци хилла а, пайда хилийта, вукхеран пайда а ларбеш, пачхьалкхана шена пайда хилийта.

 

Арахьара чудан тарлуш долу ахча, инвестицеш алсамйовлу агӀо лело еза налогаш тӀехь а, кхечунна тӀехь а. Инвестицеш ян луучунна массо а агӀор бегӀийлаш кхолла еза, кху чохь производство схьаеллар цунна пайдехь хилийта. Кху чохь къахьоьгучарна пайдехь хинйолу налогаш хӀитто еза... Доцца аьлча, налогаш тахана ма-хуьллу кӀезиг хила езаш ю. Ма хуьллу. Амал мел ду кӀезиг хила езаш ю. Тахана хьовха, иза гуттара а хила дезаш ду вайн пачхьалкхехь. Нахана, хьанала къахьоьгуш волчунна, тӀе налогаш а етташ, пачхьалкх хьалдолуш йийр ю бохург бакъ дац. Шен барамал тӀехъяьлча налог а зуламе йолу. Оцо производство кхиа ца йо, мелхо а, йохайо. Цо нах налогех кӀелхьарабовла некъаш леха боху.

 

Коьртаниг произаодство кхиор ду. Дукха ду оцу декъехь дан дезарг а, дан леринарг а...

 

Ткъа социальни декъехь дан дезарш чот йина ца валлал ду. Вуно дукха бу гӀийла бохкуш берш, тӀехь дай боцуш, да-нана доцуш дисина байш, баккхий нах, шайн чохь кӀант, иоӀ... гӀолаца стаг воцуш бисинарш.

 

Церан гӀолацарна лерина программа ю хӀотто езаш. Программа, суна хетарехь, вайн бусулба законашца йогӀуш хила езаш ю. Бусулба законашка...

 

......................................................................................

 

байлах дисина бераш, йя тӀамехь хьуьнар гайтинчу тӀемалойн, тӀамехь заьӀап бинчу тӀемалойн бераш хӀокху махкахь а, иштта махкал арахьа а деша дахийтаран хьокъехь гӀайгӀа бан безаш бу. Оцу дерригенна лерина программа хила еза. Иза кечъяр аса тӀедиллина дешаран министерствона а, кхечарна а.

 

Культуран декъехь. Музейн система: мохкбовзитаран, исторически, Ӏаламан, кхийолу музейш, заповедникаш, кхиерш - ерриге а денйина дӀахӀитто езаш ю...

 

Амма оцу дерригенна а юкъахь уггаре а коьртаниг, аса юха а боху, иза вайн маршо ларъяр, вайн пачхьаякх чӀагӀъяр, гонаха долчу мехкашца, Россица а цхьаьна, вайна пайдехь йолу юкъаметтиг дӀахӀоттор ду.

 

Д.С. - Вайн пачхьалкх бусулба хир юй, светски хир юй бохуш, къамелаш ду куьйгаллехь болчара даш. Хьуна хатарехь, вайн пачхьалкх исламан хир ю, я - светски?

 

Я.З. - Суна хетарехь, бусулба нехан пачхьалкх бусулба амал йолуш хила езаш ю массо хӀуманна тӀехь а: законаш тӀехь а, экономикехь а, политикехь а. Оцунна сан шеко ян а яц. Вукхара (кандидаташа - Д.С) хир ю, бохуш, дуьйцуш ду. Ткъа со цара дийр ду бохург деш ву.

 

Тахана кхин цхьаъ а билгалдаккха лаьа суна. Оцу кандидаташа шаьш хӀара дийр дуй, важа дийр дуй, бохуш, долу хӀумнаш со деш схьавогӀуш ву, амма, шаьш тахана Ӏедалан балхахь белахь а, цаьргара оцу тӀехь хуьлуш гӀо дац, бакъдерг дийцича. Масала, ерриге (судебни) кхиэл яран система со цхьаъ йина ваьлла, иза шаерриге а бухахь шарӀ долуш хила езаш ю - шаерриге а - лахара а, лакхара а. Ткъа хӀорш шаьш и дийр ду бохуш бу.

 

Д.С.- Нохчийчоьнан Россица хӀун юкъаметтигаш хир ю?

 

Я.З. - Аса хьалха билгал а даьккхира иза. Хьелаш тайп-тайпана ма нислой. Оцу массо а хьолехь Россица Россина хьакъ йолу а, вайна пайдехь йолу а юкъаметтигаш лело хьовса дезаш ду-кх вай.

 

Д.С. - Нохчийм къоман таханлерчу хьолах хӀун хета хьуна, мичахь го хьуна хьехах чекхдовлу син билгало?

 

Я.З. - Вай хьехахь ца хаало суна, бакъдерг дийцича. Вай хьехах девлла дукха хан ю. 1991-чу шарахь девлира вай цунах. Вайна и хаам ца хиира. Мел хьехах девлча а, боккхачу новкъахь дуьхьалонаш дукха нисло. Дуьхьалонаш а кхачаелла, вай шерачу новкъа а девлла, вайн халкъ, дахаран хьесапе диллича, дӀа а гӀур дац. ХӀунда аьлча, дуьненан халонаш хир йолуш ю.

 

И цхьаъ ду. ШолгӀа. Ваин къам тахана, къоман могушалле диллича, уггаре а лакхарчу тӀегӀанашкахь ду. ХӀунда аьлча, оццул йоккхачу халонех чекхдала Дала ницкъ белла цунна. Ницкъ белла оццул йоккхачу халонех хьекъалца а, доьналлийца а чекхдала. Иза Дала дина доккха дикаӀ ду. Къоман могушалла чӀогӀа хилар ду иза. Вуьйжаш ерриге а халонаш ю: физически, пачхьалкхан барамехь, хӀора стеган шен дахарехь-Ӏерехь, кхидолчу тӀехь. Халонаш дукха ю. И халонаш вайга эшалург хиларан, оцу халонех вай довлалург хиларан билгалонаш дукха ю. Уггаре а хаьлха - Дела вайга хьаьжна хилар вайна билгалдаьлла.

 

Тахана вайн къам цкъа а ца хиллачу кепара могуш къам дукх, Къоман кхетаме диллмча - цкъа а ца хиллачу агӀор кхетам чӀогӀа лакхабаьлла ду: политически а, экономически а, социальни а. Цкъа а ца хиллачу агӀор дуьненахь сий хьаладаьлла а ду. Цкъа а ца хиллачу агӀор хӀинца вайна оьшуш дерг - вай оцу Дала динчу диканах кхета а кхетта, хама бар ду. Хама баро чулоцу шега кхаьчнарг лардар, шега кхаьчнарг дебор.

 

Д.С. - Шем амалехь, леларехь хӀун сакхташ доцуш хила веза Нохчийн Республикан президент?

 

Я.З. - Нохчийчоьнан президент цхьа а сакхт доцуш хила везаш ву, ма-дарра аьлча. Делахь а, делла дац-кха иза.

 

Д.С. - Дуьненчохь уггаре а ахь лоруш волу политик мила ву?

 

Я.З. - Дудаев Джохар ву-кх. Дуьненахь а Дудаевс санна, политика ша вовшах а тухуш, ша куьйгалла а деш иза кхочушйина стаг вац. Масала, Клинтон, Ельцин, Коль... схьаоьцур вай. Церан политика вовшахтухуш леррина институташ ю, яккхий системаш ю (пачхьалкхехь - пачхьалкхаш), идеологически системаш, политически институташ ю. Цул совнаха, леррина нах бу дийнахь а, буса а хӀора хьаьрк дӀаяздеш. Ткъа Джохара ша дӀа а яздора, дӀаяздинарг дала деззачуьнга кхочушдайта дӀа а лора, ша цу тӀехь Ӏуналла а деш, кхочуш а дойтура. Пачхьалкхан (вайн) кхиам а цу тӀехь бу, бакъдерг дийцича. Кхиам бу пачхьалкхан гӀуллакххой билггала политика лелош, кхочушъеш хиларехь.

 

Суна, бакъдерг дийцича, тӀаьхьарчу хенахь, хӀара ву ала политик ца го Джохарца вуста. Кхин вац-кха.

 

.....................................................................................

 

иштта дика дина стаг ву, цундела массо а сан когаш, куьйгаш дуьлуш хила деза, сан юьхьа тӀе горгам хьоькхуш хила веза, бохург а доцуш, со яздархо ву, делахь-хӀета, къомаца хила веза, боху, ойла хила еза. Иза, тахана, бакъдерг дийцича, кӀезиг гайтина.

 

Сан сий-ларам болуш яздархо ву Гадаеа Мохьмад-Салахь, Сатуев Хьусайн, Сулейманоа Ахьмад, Мамакаеа Мохьмад, Мамакаеа Ӏаьрби, кхидӀа а. Шен заманахь, охьа ца таьӀаш, охьа ца таӀавойтуш чекхавьлларг вуй... цу тӀера хадабо и мах. Ткъа вай хӀинца а вешан заманах чекхдевлла дац, вовшийн мехаш хадо.

 

Д.С. - Хьайн тӀаьхьа президент мила го хьуна?

 

Я.З. - Сайл тӀаьхьа халкъо хаьржинарг го-кх.

 

Д.С. - Зелимха, хьуо президент ца харжахь, политикехь вуьсур вуй хьо?

 

Я.З. - Политикех ваьлла ваха меттиг яц сан а, хьан а, цхьаьннан а. Цхьаболчара политика, Ӏедалан балха юккъе а вахана, и агӀо дӀалелор лору. Аса политика лору шадерриге а дахар. Нехан юкъаметтигех хьакхалуш дерг дерриге а политика ю, шина стагаца елахь а, нахаца елахь а, пачхьалкхан гӀуллакхехь елахь а. Царах хӀораннан шен-шен тӀегӀа ду. Цундела нийса кхето деза йоккха политикий, вуьшта политикий.

 

Вуьшта, кхин а нийса аьлча, Ӏедалан структурашкахь вуьсур вуй-ваций аьлча: нагахь санна суо президент ца харжахь, со Ӏедалан структурашкахь вуьсур вац. Иза суна оьшуш дац. Амма лолитикера со дӀавер вац. Вала лиъча а со валалур а вац. Ӏедалехь волуш долийна дац аса хӀара хӀуманаш, я Ӏедалх воьхча, соьгара дӀадевр далуш а дац. Даржан дуьхьа лелийна а, лелош а хӀумма а дац сан.

 

Д.С. - Таханлерчу кандидатех муьлхха а цхьаъ президент хаьржича, бисинарш а, царна тӀаьхьахӀиттинарш а: «Вайм халкъана Дала беркате войла хьо!» - аьлла, хаьржинчунна тӀетовр буй?

 

Я.З. - Ӏийр бу, аьлла, сатуъйсуш-м ду тхо. Вовшашка дечу къамелашкахь а массо а Ӏийр ву бохуш ву...

 

Д.С. - Ткъа хьайна долчудекъана хьо?

 

Я.З. - Баха ма-боху аса. Со айса лелош дерг къоман маршонна дуьхьа лелош ву. Даржан дуьхьа лелош вац. ТӀаккха сан къийса хӀумма а дац. Суо ца хаьржича сайн даго къобалдеш дерг лелош Ӏийр ву... лело хӀума шорта ду. Президентан даржал даккхий хӀумнаш а ду сан дуккха а. Халкъо со хӀокху даржах мукъаваьккхича, дегабаам бан хӀумма а дац суна. Дала иза а цхьана диканна деш хир ду, аьлла хета суна, иза суна дахь а, кхечунна дахь а. Ца харжарх эшам болуш хӀума ца го-кх...

 

Д.С. - Тахана, вешан пачхьалкхана бакъонийн бух буьллучу муьрехь муьлха закомаш тӀеэцар пайдехь хир ду къомана: шарӀан, я светски?

 

Я.З. - ТӀаьхьарчу хенахь дерриге законаш доьхна дара, тӀамо хьаьккхина дӀа а даьхна. Законаш - дахаран бух вуно ледара бара муьлхачу новкъа хӀитта деза къасто дезачу хьолехь бара... ХӀинца дӀахӀоьттинарг закон хир ду. Цундела сихвелла ву со. Цхьаммо ца бинчу кепара Дала кечам бина вайна. Бух дӀахӀоттийна: политмчески а, экономически а, социальни а... Шайна луъу Ӏедал дӀахӀоттаде боху цо. Дела вайга хьоьжуш ву, вай хӀун до-те, бохуш. Вай светски Iедал дӀахӀоттадой, кхана вай иза хуьйцур ду бохург бакъ дац. Иштта ду законаш тӀеэцарца дерг а.

 

Д.С. - Нохчийчохь вахӀабизм яьржаш ю бохуш дуьйцу халкъалахь, цунна сагатдо. Цхьаболчара хьо а царах лору. Цу хьокъехь хӀун эр дара ахьа?

 

Я.З. - Со вахӀабист велахь а, вацахь а суна а, Далла а дика хууш ду. Со мила ву соьца мел леллачунна а, соьца ХьаьжцӀахь хиллачунна а, соьца тӀамехь чекхбеаллачарна а, дахарехь-Ӏерехь со вевзинчарна а дика хаьа.

 

Амма и вахӀабизм боху проблема хӀокху чукхуссуш ерг российски ФСБ а, ГРУ а ю, вайн Ӏелимнахах цхьаберш оьцуш, вуьйжаш - тилош.

 

Динан гӀиллакхашца а, къоман гӀиллакхашца а галволуш верг сацо пачхьалкхаи Ӏедал а ду, закон а ду, шарӀ а ду. Галволуш волчуьнца муьлххачуьнца а къамел дан деза: «Хьенех, хьо галволуш лаьтта», - аьлла. Амма цунна тӀе ярлыкаш охка ца еза. Иза ас дойтур дац.

 

Вай юьххьехь дуьйна а бусулбанаш ду. Юкъадоллушехь дин тӀеэцна а ду, Делан перз ду аьлла. Селахана, стомара тӀеэцна а дац. Цундела вахӀабизм вайна кхераме яц. Бусулба дин чӀагӀдеш Дала бахкийтина эвлаяаш а, устазаш а дӀа а тоттуш, кхин, керла вирд догӀур дац, хӀокху чохь чӀагӀлур дац.

 

Д.С. - Зелимха, Дела реза хуьлда хьуна, хьайгахь долчу лазаре хьаьжна ца Ӏаш, интервью яларна.

 

Я.З. - Масарна а хуьлда-кх Дела реза.

 

"ДАЙМОХК", №1 (11204), 16 января 1997 г.

Copyright © Информационное Агентство «Golos Ichkerii». При использовании материалов ссылка обязательна.

Top Desktop version